ТIекхочийла долу линкаш

Донбассера деза герзаш юхадохуш ю Украина


Донбассехь шайн деза герзаш юхадаха дуьйладелла Украинин эскарш. Иза хьалхара этап ю аьлла хаам бина Украинин тIеман ницкъийн инарлан штабо. Цо бинчу хаамца, кху беттан 12-чу дийнахь Минскехь бинчу бертаца а догIуш, Еарин дийнахь дуьйна 10 сантиметар шуьйра биргIанаш йолу яккхийн тоьпаш юхаяха йолаелла Украина. Украинин инарлан штабан векалша дийцарехь, иза дуьххьарлера гIулч ю тIемаш хиллачу зонера деза герзаш юхадахаран. Украино иза дийр ду ОБСЕ-н векалш тIехьожуш а болуш.

XS
SM
MD
LG