ТIекхочийла долу линкаш

Соьлж-ГIалахь нах шаьш-шайна беха, ткъа театр - ша-шена


Нохчийчоь --Театран афиша, Соьлж-ГIала, 3 Заз2015

Нохчийчоь --Театран афиша, Соьлж-ГIала, 3 Заз2015

Ши театр ю Нохчийчохь, аьлча а, цуьнан коьртачу шахьарахь Соьлж-ГIалахь. ХIиттадо цара кеп-кепара, нохчийн а, оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а авторша кхоьллина васташ а. Амма вуно кIезиг бу театрашка лела бахархой. ХIунда?

ТIемаш бирзина лоручу шерашкахь меттахIоьттина ларало нохчийн театр, шен кхолларалин болх карла а боккхуш, ишта театрх марзо эца хьовсархойн могIарш а болуш.

Маршо Радионо зийра иза мел бакь ду.

Цкьа хьалха тергоне оьцур вай театр езаш, театрца гергарло долуш хила хьакъболчу бахархойн жоьпаш.

Соьлж-ГIалин урамашкара ду хIара аьзнаш.

Маршо Радио: ТIаьххьара театрехь маца хилла?

Жоьпаш:

1-раниг: «Театрехь сайн дахарехь хилла а яц, амма даха лууш дара тхо цига, рагI ца кхочу. Тхан алапаш кIеззиг ду, тхайна цхьамма билеташ делча, гIур долуш-м дара тхо».

2-гIаниг: «Стохка яхчхьана, яхаза ю. Аьттонаш ца хуьлуш, йиш ца хуьлуш юьсу со».

3-гIаниг: «Со театре яхаза дукха хан ю, тIаххьара маца яхана, дага а ца догIу суна. Театр ца езаш-м дац и, цига ваха хан ца тоар ду».

4-гIаниг: «Концерте гIур дара тхо, театре гIур дара тхо, цхьа къинхетам хилла спонсор вера вацар-те, тхуна билеташ оьцуш, хаза а хеташ гIур дара тхо».

5-гIаниг: «Стохка хилла со театрехь «Ша тIехь йина гIала» спектакле хьожуш. ЧIогIа самукъаделира сан».

6-гIаниг: «Сайн дахарехь цкъа а хилла яц со театрехь. Телевизорчохь бен гина а яц. Яха а лаьара, амма аьтто ца хуьлу.Бакъдан мел хала делахь а, могIарчу бахархойн аьзнаша кхетаво шайн дахарна театр гена хиларх».

Ткъа муха ду шегара театрера а, цигарчу белхахошкара а хьал?

Театрехь, кинохь болх бина Нохчийчохь а, цул арахьа а гоьваллачу артисто, дуккха а шерашкахь оьрсийн Лермонтовн цIарахчу театрехь коьрта режиссер лаьттинчу Марисултанов Iелин алар ду х1ара.

«Гайтам чекхбаьлча, чуьра хьовсархой арабевлла, цIа бахча, еххачу ханна шайна гинарг ойланехь карладохуш, «и хIун дара-а», бохуш, хьажархо шена гиначун, хезначун ойла ян волавелча дIаболалуш бу театран болх. Нагахь санна, оцу тIегIанехь театр болх беш яцахь, театран къинхьегам эрна хиларна кхерам бу».

Ткъа театрехь шерахь цкъа а аншлаг хуьлуш яцахь?

Цуьнан бахьнаш тайп-тайпа хила тарло. Цхьадерш довзийтира Маршо Радиоца хиллачу къамелехь режисеро Музаев Анзора.

Иза къона режиссер ву. ХIетте а, иза кхиина нохчийн пачхьалкхан Нурадиловн цIарахчу театрехь а, кегийрхойн «Серло» театрехь а белхаш бан. ТIаьххьарчу шерашкахь Лермонтовн цIарахчу оьрсийн театрехь режиссер вара Музаев Анзор.

Музаев: «Таханалерачу дийнахь вайн театрашкахь долу хьал муха ду аьлча, дуккха а похIма долу артисташ бу вайн, масала эца баккхийнаш а бу. Вайн нахана пайда хилла а ца Iаш театрех доьвзуьйту вайн Iадаташ, вайн нохчалла кхечу къаьмнашна.

Дуккха а керла спектаклаш хIиттайо, масала суна хазахеташ ю Санкт-Петербургера веанчу режиссеро Павлов Дмитрийс хIоттийна спектакль «Спасти камер-юнкера Пушкина» цIе йолуш.

Вайн нохчийн драматургаша язъйина спектаклаш ю гойтуш оьрсийн театрехь «Дорогая сноха», «Шейх поневоле», «Звезда Кавказа» Марисултанов Iелис хIоттийна. Хьажархо театрана гена ваьлла. Бахьанаш хир ду- дукхаъберш интернетчохь Iар, 3D кино хьоьжуш кинотеатрашка оьху.

Махкахь хилла тIемаш бахьанехь а хьовсархоша театрна букъ тоьхна аьлла хета суна. Цул совнаха, гойтуш йолу спектакль и стаг цецвоккхуш, шоу санна цахилар а ду».

Театрца жимчохь гергарло латтийна, тахана а нохчийн къоман театран репертуарехь цкъа а девр доцу бакъболчу актерин васташ безамца дагалоьцуш дийцира тхан къамелехь Соьлж-ГIаларчу Гудаев Асхьаба.

Гудаев: «Сан беран хенахь, вуно хьалха ду иза, ГIалитIера тхан юьрта театр йогIура. Ши машен ул-улле а хIоттайой, аннийн агIонаш охьа а йохий, цу тIехь гойтура тхуна спектакль. Тхан юьртара верриг, жима а, воккха а дIагуллора суьйранна спектакле хьажа. Iаржъяллалц дIайодара и спектакль, машенаша тIе серло а тухий.

Ас оцу хенах я Бадуев ца вешна, я «Бож-Iела» хьан язъйина а ца хаьа, амма ас схьа а эцна, сан тIамарх доьлла сайна хIетахь гайтина долу васташ оцу театро. «Ламанийн раьгIнашна юккъе «БIов», Маймин «Киддара, киддара» хелхар. И театр дIаяхча тхан юьртара кегийнаш а, баккхийнаш цхьа хан яллалц театро гайтина суьрташ, васташ гойтуш Iара. Цара кхиавора, церан васташа.

Ткъа хIинца театран бала а бац, актеран бала а бац. ХIинца ахь соьга хаттахь таханлерачу театрах, актерех лаьцна, хьоьга ала ши дош а вовшахтоха хууш вац со, эхь-м ду и! Амма дац сан эхь-м, вайн дерриге а къоман эхь ду.

Яц вайн театр. Амма ю-м бах. Мила вахана цига? Со а ца вахана, я сан накъостий а ца бахана, сан доьзалех ца бахана, амма гIур вара нах лелаш хилча. Театр-политика ю, кино-политика ю, мел дуьйцург, мел хезарг - политика ю. ХIара дерриг дахар-м ду театр, цхьа а театр ца оьшу вайна-м!»

Нохчийн театршкахь тахана лаьтта хьал церан чуьра схьагича, хаало хьовсархоша театрна пе стенна бетта. Кхоллало хаттар, ванах, кхин нохчийн оьмарехь хир дац-те хьалха нохчийн драматургаша кхоьллина хилла васташ? Бож-Iелин, Сутарбин, Маймин, Абубешаран санна ницкъала, адам ц1инде, сакхтех мукъадоху васташ?

XS
SM
MD
LG