ТIекхочийла долу линкаш

Алиевн дегIах наркотикаш карийна боху Австрерчу прокурораша


Набахтехь веллачу Казахстанан президентан Назарбаев Нурсултанан нуц хиллачу Алиев Рахатан дегIехь наркотикаш карийна аьлла хаам бина Австрерчу прокурораша. 52 шо долу Алиев ирхъоьллина карийнера Венерчу набахтехь. Австрерчу хаамийн гIирсаш дийцарехь, цуьнан цIих кхетна карийна барбитурат олу молха.

Иза дихкина ду Австрехь, молха санна лелон. Цундела хала ду иза цунна набахтерчу лоьре делла ала. Алиев Рахат лаьцна латтош вара Австрехь стохка Мангал-баттахь дуьйна. Казахстанехь иза бехке винера 2007-чу шарахь ши банкир верна. Казахстанан Iедалша таIазар дан дагахь дIавоьхуш вара Алиев Рахат.

XS
SM
MD
LG