ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Де-буьйса делла Керрис Оьрсийчоьнна Донбассера тIом юхабаккха


Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штийн Пачхьалкхан секретарна Керри Джонна хетарехь, Украинера кризис ерзорехь шен лорах лелаш йоцчу Оьрсийчоьнан кхидIа а лан езар ю керла экономикан санкцеш.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин адамийн бакъонийн хьокъехь вовшахкхеттачу кхеташонехь Керрис, ша Кремлан коьртачу дипломатца Лавров Сергейца вистхуьлуш, Iамеркана теша лаьа элира,«де-буьйса далале Донбассехь тIемаш совцург хиларх».

Бахначу беттан 12-чу дийнахь Минскехь еа пачхьалкхо бина барт кхочушбеш, Оьрсийчоьно дита деза сепаратисташна тIекарло латтор а, хIинца Мариупол гIалина тIегIертар а, аьлла Керрис Лавровга.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG