ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тикрат схьаяккха гIерта Иракъ "Исламан Пачхьалкхера"


«Исламан Пачхьалкх» олучу тIеман тобанашкара Тикрит а, БагIдадна къилбаседанехьа лаьтта кхин гIаланаш а схаьйоккху операцеш йолош ду Иракъан эскарш.

И хаам баржийна инарлаша пачхьалкхан телевизионехула кIирандийнахь. Хьусайн Саддам вина гIала мукъаяккха Iалашо лаьцнера цара оцу дийнахь.

Эскаршна гIодо шиIатойх а, суннатойх а болчу Иракъан бахархоша, эскарийн векалша бахарехь. Дерриг а тIемалошна дуьхьал тIемаш бан арадаьлларг ду 3000-нах лаьтта эскар. Доккхачу декъанна тIемаш лаьтта суннатой-Iаьрбий бехачу СалахIуддин провинцехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG