ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчуьра дIовш тоьхна баийтинчу хьонканах велла Туркойчуьра мухIажир


Нохчийчуьра Туркойчохь бехачу мухIажиршна гергарчара бахьийтина хьонка ницкъала дIовш тоьхна а нисбелла, велла цигахь цхьана доьзалан да - Садуев Лоьма.

Доьзалера цхьаберш халчу хьолехь бу. Соьлж-ГIалара почтехула кхаьчна тIоьрмиг схьабоьллушехь кхетта дIовш, хьонка экспертизе баьхьинчу Туркочоьнан полицино тIечIагIдина иза.

Оцу хьокъехь почтехула кхоьхьуйтучу кхачанах даймахкал арахьа бехачу нохчашка ларбалар доьху хаам биначу кху зудчо.

Нохчийн зуда: "Ларлахьара шу иштачух. Махкана генадевлча а ца дуьту оцу стага-м..."

XS
SM
MD
LG