ТIекхочийла долу линкаш

Нахана тIехь юха а эрадоккхуш ву Кадыров Рамзан


Нохчийчоь - Полисхойн "ловзаргахь", 2012

Нохчийчоь - Полисхойн "ловзаргахь", 2012

КIира ду Нохчийчуьрчу Iедало БухIан-Юьртарчу ишалчу йоьду хин биргIа эккхийта гIиртинчех кхо стаг зуламдеш веллачу буса дуьйна махкахь талламаш бан болийна. Теркйистехь и болх дIахьош йиттина вийна полицино Афанасьев Кина. Лецна Iели-Юьртара ПарамазовгIеран, МуртазалиевгIеран, ХачукаевгIеран, Неврерчу ЗавраевгIеран кегий нах. БIаьне кхоччуш бу цIабахкийтаза Iедало лебийраш. ЦIенош дагор ду аьлла дIахьедина массех доьзале. Шаьш ловриг а ца ладелла велла Iели-Юьртара ПарамазовгIеран къано.

КIира кхочу лаьтта Соьлжа –гIалахь тало дан гIоьртина кхо жима стаг, шайн куьйга йина хIума ларамаза эккха а иккхина велла. Интернет зIенехула, телпош чохь дIасадаржийна ду, чуьйраш охьа а хецна, белла Iохкучеран суьрташ.

И сингаттаме меттиг нисьелла оццул хан яьллехь а официалан хIумма а хааме даьккхина дац церан хьокъехь. Цхьаболчара дийцарехь Соьлжа-гIалахь Заводан кIоштехь дукха хан йоццуш бина баьккхинчу Соьлжа гIалин хIорд олучу хинна чIагIонна боьттина дамба олу берд бохо оьккху хIума дIахIоттош белла кегийрхой.

Кхечара чIагIдарца и зулам дан гIерташ гучубевлча Iедална кара ца баха, шаьш лелха а лелхийтина, тIеэцна цара Iожалла. Дукха бахархоша кхеторехь, бехк-гуьнахь а доцчу нахана цара дан лерина вон Дала шайна дуьхьал даьккхина царна. Цу хьокъехь Iедалан тIегIанахь Iорадоккхуш хIума цахиларе терра бес-бесара дуьйцу нахалахь кегийрхой балар хьокъехь.

Хьалха а хьахийна ма-хиллара Iожалло бехьнарш беррише а Теркйист кIоштан Iелин-юьртара а, Лаха –Неврера а бу. Царех цхьаъ кхаа беран да юккъерчу ишколан информатикан хьехархо. Цуьнан белхан накъостий а. юьртахой а цецбевлла бу цуьнгара иштаниг дала тарло аьлчи а.

Соьлж-ГIалин цхьана доьшийлехь исламан динан кIоргенаш йостуш хилла цхьаъ, ткъа цIера Лаха-Неврера кхоалгIаниг Соьлжа гIалара вахархо ву. Цаьрца хилла бохуш наха хьехош волу воьалгIаниг мичара мила ву хууш дац.

Юьртахоша дечу тоьшаллашца, Iедало вуно чIогIа тIеIаткъам беш бу церан гергарчарна а, беза-бевзачарна а. Цу эккхийтарехь и кхоъ дIакхелхинчул тIаьхьа, церан чуьра гергарниш а, деваша а, дешичой а, шичой-маьхчой а, цаьрца зIенехула а, вуьшта тIекаренаш лелийна лула-кулара нийсархой а, кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн урхалле дIа а бигна, лебеш латтийна масийтта сахьташкахь.

Официалан доцчу хьостано чIагIдарца мила ву а хиъна лаьцна Соьлжа-гIалахь уьш тIаьххьара тIелаьцна хилла хIусамда а. Цу лацарх иза дIахецна а вац. Кхузахь зеделла хIума мА-хиллара и эккхитар дан а гIоьртина беллачийн декъий схьаделла а дац. ХIиттийна яц уьш Деле боьхуш тезеташ а. Цхьаболчара дийцареххьа-ма, шайн доьзалхой,шаьш юьхьIаьржа а хIиттош, сел эхье белла а лерина, наха шайн лаамехь ца хIиттийна тезеташ.

Эккхийтар а дан а гIоьртина беллачеран юххера гергарниш балхара дIабохуш мур бахьар цхьаболчара бух болуш хIума а лору. Стенна аьлчи, нохчийн юкъараллин кхерамазалла лакхаяккхарна тIехьажийна а, кегийрхой а, кхиазхой а вочу хIуманах ларбан Iалашо йолуш Нохчийчохь кхузахь дIаехьнера шатайпа акци.

Къаной а, халкъан массо тIегIа векалш а юкъахьболуш леррина кхоьллинчу тобанаша кхетош-кхиоран болх марсабаьккхира ярташкахь, цхьа ков-керт, урам нацкъар ца дуьтуш.

ХIора да-ваша, деваша,шайн берашна жоьпалле хилар дIахоуьйтуш, нагахь доьзалхой муьлххачу а терроризмана,экстремизна, я кхечу харц идеологина тIаьхьабозуш хилахь царна жоп далар тIедожош куьйгаш а яздойтуш, дIахаийтар бохучу кехата буха.

И куьйгаш яздойтучу муьрехь а, вуьшта гулам-цхьаьнакхетаршкахь а Iедалан векалша далхориг цхьаъ дара – нагахь доьзалхо аьллар тIера а ваьлла, дас-нанас бохург а ца деш кхераме,харц некъ юьхьарлаьцна велахь, шайга дIахаийтар.

Беллачех дог лозуш, церан агIончаш боцу хьесап ду. Наггахь волчуо ала-м олу, уьш шайггара лелла бац, церан олалла деш цхьаъ хилла, цхьана дас омра дина, я Iехийна-тилийна бигна уьш Соьлжа-гIала. Иштаниг ваьлчи а,цунна дуьхьалдаккха, цо аьлларг харццийна тIекIалтоха иттех караво нохчашлахь.

"Дукха хан йоццуш хих буьзна дIахIоттийначу Соьлжа-гIалин хIордан дамба а йохийна,цIа а баьхкина, паргIат Iа бохкур-кх уьш шайн аьллар хиллехь, бохкурий?»,- бохуш хеттарий буьйлурш дукха бу.

«Цара оццул хи охьахецча нехан цIенош дIашардийр дац, валар-висарш хир дац, цуьнан ойла ца йина цара. Валлай йина-кх ! И а, кхин а хаа а хууш,талор дан, нах байа арабевлла хилла-кх уьш!- мухIар туху дукхахболчара.

Бакъдерг мухха делахь а махкахошна дийца хIума даьлла. Цкъачунна хьехош дац белларш схьабалар-цабалар а, я уьш лаьтте берзабар а.

Кху зазанан беттан хьалхарчу дийнахь иттаннашкахь совцийна дIабигна ницкъаллин структураша кегийрхой а, кхиазхой а. Бакъду хIинца дай-наной дукха а синтеме бу хьалхалерчул а. Стенна аьлчи муфтиятан хьаькамаша уьш тебина,царна ницкъа а бийр бац,мехкан куьйгалхочуьнца цхьаьнакхетар а дина.цхьана-шина дийнахь могуш-маьршва цIабохкуьйтур бу аьлла

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG