ТIекхочийла долу линкаш

Дуьне а оьгIаздахана Немцов верна


ГIиргIазойчоь --Оьрсийчоьнан векалтна хьалха гулбелла Немцов Борис верна оьгIазбахана нах.

ГIиргIазойчоь --Оьрсийчоьнан векалтна хьалха гулбелла Немцов Борис верна оьгIазбахана нах.

Кремлан уллохь вевзаш волу оппозицин жигархо Немцов Борис вер вуно халхетарца а, инзар бовларца а тIеэцна Малхбузерчу политикаша а, пачхьалкхийн куьйгалхоша а. Ткъа хаамийн гIирсаша яздо, Кремлана Немцов верах хуьлуш болчу пайданех лаьцна.

Малхбухерчу хаамийн гIирсаш, Москохахь, Кремлана неIаргахь аьлча санна, оппозицин куьйгалхойх цхьаъ а, Путинан критикаечеран ша-башха символ а волу Немцов Борис верах яздарехь, цхьа коьрта юкъара ойла йолуш бу - Немцов вен яьлла омра делларг милла а велахь а, цунна герз тоьхнарг милла а велахь а, амма цу стеган дахар хадорна бехке а, жоьпаллехь а дерг Оьрсийчоьнан лаккхара куьйгалла ду.

ХIунда аьлча цуо, цу куьйгалло кху тIаьхьарчу шерашкахь кхоьллина хиллачу кхин ойла а, кхин хьежамаш а болчу нахе цабезам а, гамо а баржоран системано, муьлха а Кремлан критика еш верг мостагIа а, къоман ямартхо а кхайкхоран атмосферано вийна ву и вевзаш волу оппозицин жигархо.

„Кремло юх-юха а чоьхьара мостагIий буьйцу, цу кепара дийна цхьа чIирэцархойн эскар а кхуллуш, шайн дагахь шаьш пачхьалкхана пайда бохьу, иштта талорш дарца, цхьаммо а омра дан ца оьшуш аьлла хеташ болу“, - бохуш яздо Iамеркерчу Нью-Йорк Таймсо. ПIераска сарахь Немцова радиочохь къамел дира, Оьрсийчоьнан бахархошка Путинан политикна дуьхьал леринчу резадацаран акце арадовла аьлла кхайкхам а беш. Цу буссехь иза вийра, карладоккху газетано.

„Путин Владимира Немцов Борисан дакъ шелдала а кхиале а таллам болийна ца Iаш, и таллам чекх а баьккхина, и стаг вер провокаци ю аьлла ша дIакхайкхорца“, - бохуш яздо

The Wall Street Journal журналехь вийначуьн доттагI хиллачу Каспаров Гаррис. - Там бу, вайна цкъа а Немцов вийнарг мила ву бохучунна жоп ца карон, амма вайна кхиндерг хаа: президент Путин сихох дIа мел волу, Немцов Борис сел кхерра хилла йолу хаосий, цIий Iанарий ца хилийта алсамох шансаш ю Оьрсийчохь“ - тешна ву иза.

Царех терра хьежамаш бу кху деношкахь зорбане дуьйлучу кхечу Малхбузерчу хаамийн гIирсийн а. Ткъа политикех а, пачхьалкхийн куьйгаллех а аьлча, цара ишттачу хьелашкахь даима санна, шайн хьалахетар довзийтина юкъараллийна, Немцов вер сихонца талларе а кхайкхина Оьрсийчоьнан куьйгалле.

Германин канцлера Меркел Ангелас ша Iадийна ю элира Немцов верах. „Канцлеро кхайкхам бо Оьрсийчоьнан президенте и зулам кхоччуш таллийтаре а, зуламхой жоьпе озийтаре а“ - элира Меркелан пресс-секретара Зайберт Штефана. Иштта Францин президента Оланд Франсуас а емал дира Немцов вер, вийнарг демократи ларйархо вар а олуш. Европин Кхеташонан инарла секретар волчу Ягланд Турбьерна а, Европарламентан спикера Шульц Мартина а дира цу кепара дIахьедарш.

Венерчу кавказан талламийн институтан Iилман белхахо волчу Чапханов Русланна хетарехь, ма-дарра аьлча, Малхбузерчу политикийн ишттачу хьолехь кхин дан хIумма а дац, шаьшна халахетар довзийтарий, таллам баре кхайкхарий бен.

Чапханов: „Европерчу куьйгалхошна а, кхечанхьарчу политикашна а дукха дика хууш ду Оьрсийчохь долу хьал муха ду. Шайна халахетта алар бен, кхин да хIума дац церан, хIунда аьлча Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхашна юккъе гIерта бакъо яц. Юккъе гIоьртича, цигара схьа дуьхьал дарбалар бен, кхин жамIа хир дац. Цундела Немцовн верна Малхбузера реакци хIинцалца схьа ишттачу хьолехь хилларг ю, масала, Политковская йийча хилларг, я кхин болу критике журналисташ баъйича“.

Цу юкъана оршот дийнахь дуьххьара хиллачух лаьцна дуьйцуш журналисташка йистхилла Немцов Борис вуьйчу хенахь цуьнца хилла къона зуда. „Дождь“ телеканале ша еллачу интервьюхь цуо шена, ма-дарра аьлча, хIуммаъ дага ца догIу Немцов вуьйчу мIаьргонашкахь хиллачух лаьцна элира. Немцов вийнарг а ца гина шена, иза мичара велира а ца шира шена, хIунда аьлча, дерриге а шен букъ тIехьа нисдаларна бохуш чIагIдо цо.

Цул совнаха герз тухуш а хезна, ша юхахьажа шена цхьа а ца гира, цхьа сирлачу басахь йолу машен йоцург. Ткъа иза а хIун машен яра а, я цуьнан лоьмарш муха яра а шен ца къаьстира, дукха кхераелла шокехь ша хиларна элира цо.

XS
SM
MD
LG