ТIекхочийла долу линкаш

Обама: Оьрсийчоь маьрша йоцийла гойту Немцов веро


Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Обама Барака дIахьедина, Немцов Борис веро гойту Оьрсийчохь лаьтта климат, маршо еза нах, бозуш боцу журналисташ, интернетехула юкъарлонаш леладен могIархой мел гаттонехь бу, мел боккхачу кхерам кIел бу, аьлла.

Иза Обамас бохура отшотдийнахь Рейтерс-агенталлана интервью луш. «Хьуна муха хета, президентан Путинан го буй зуламан декъахь, аьлла, шега динчу хаттарна, «цкъачунна цхьа а цунах суна хууш хIума дац, ...суна хуург ду, 4-5 шо, 10 шо хьалхачул прессан маршо, гуламийн маршо, адамийн коьрта бакъонаш, паргIатонаш дуккха а эшна хилар, тIаьхь-тIаьхьа яьржа информаци цигахь нахе пачхьалкхан хаамийн гIирсашкара бен хуьлуш яцар», - элира Обамас.

Цунна хетарехь, оцо аьтто а белла Оьрсийчоьнна Украинана дуьхьал агресси ян а.

XS
SM
MD
LG