ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Буданов вер теллинчу бехккъасторхойн кхел ю йолалуш


Нохчийчуьрчу Таьнги-Чуьра йоI Кунгаева Эльза ерна бехкевеш шена тоьхначу хенан дакъа чохь а даьккхина набахтех мукъаваьлла полковник Буданов Юрий вер толлуш нохчо Темирханов Юсуп набахте хьажийна ца Iаш, Москохарчу Переображенски кIоштан кхело бехкевира Темирханов адвокат Мусаев Мурад а, ши бехккъасторхо а кхеле харц сацам тIеоьцуьйту кийтарлонаш лелийна аьлла. Мусаев деношкахь бехказаваьккхина. Амма йолош ю кхел шина бехккъасторхочунна Ломоносова Дианина а, Пронин Виталийна а тIехь. Хьалхарчу ладегIаршкахь, адвокаташна гIуллакх довза аьтто луш, кхел йолало де тIехьатеттина кIиранна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG