ТIекхочийла долу линкаш

Путина - Немцов верах


Немцов Борис вер санна долчу эхьах а, трагедех а маьрша хила еза Оьрсийчоь, аьлла президента Путина кхаарийдийнахь полицин хьакамашна хьалха къамелдеш.

И санначу политикаца доьзна нах байъарх мукъаяла еза пачхьалкх, цо къоман цIе бехйо, полицино уггаре боккха тидам тIеберзо беза и санна долу зуламаш Iорадохуш, бохура Оьрсийчоьнан президента телевизионаша а гайтинчу шен къамелехь. «Муьлххачу а а дан тарлучу зуламна, кегийрхошна юкъарчу экстремизмана-м муххале а сихха дуьхьало ян еза», элира Путина.

XS
SM
MD
LG