ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сахалинан губернатор лаьцна кхаъ эцарна


Боккхачу барамехь кхаъ эцар зуьйш лаьцна Сахалинан губернатор Хорошавин Александр. И хаам бина Оьрсийчоьнан Талламан комитето. Москохарчу петарахь цуьнгара даьккхина вуно дукха ахча а, деши а.

Цуьнца цхьаьна лаьцна цуьнан гIоьнча а, хьехамча а, секретар а. 55 шо долу, 2007-чу шарахь дуьйна Сахалинехь олалла ден, «Оьрсийчоьнан Цхьаалла» партин декъашхо Хорошавин лаьцна валийна Москох.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG