ТIекхочийла долу линкаш

Нимруд дIахьокхуш ю "Исламан пачхьалкх" тоба


«Исламан пачхьалкх» олучу тобанан декъашхоша бульдозершца дIахьакха йолийна шаьш йохийначу Нимруд гIалара херцарш. Цунах лаьцна хаам бина Иракъан Iедалша. Нимруд гIала кхоьллина ассийрийхоша 3300 шо хьалха Тигр хитIехь.

Иза ассирийн заманан жовхIар лоруш дара дуьненаюкъаралло. Цхьаьнакхетначу Къаьмнийн Организацин ЮНЕСКО олучу вовшахтохараллан векалша дIахьедар дина и гIала йохор тIеман зулам лара мегар ду аьлла. Нимруд Iуьллуш ю Иракъерчу Мосул гIалана 30 километр хиллал генахь.

XS
SM
MD
LG