ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцов верна бехке хила мега ши стаг лаьцна Москох


Немцов Борис верна бехке хила мега ши стаг лаьцна Москох. Цунах лаьцна Оьрсийчоьнан Хьалхарчу каналан эфирехь вистхуьлуш дIахьедар дина Оьрсийчоьнан кхерамазаллин сервисан куьйгалхочо Бортников Александра.

Цо дийцарехь, церан цIераш ю Губашев Анзор а, Дадаев Заур а. И нах нохчий белахь а, цара тапчана лаг озийнехь а Немцов Борис вийнарш кхин нах бу аьлла дIахьедар дина Ичкерин Iедалан куьйгалхочо Закаев Ахьмада. Цунна хетарехь, политик верна жоьпаллехь бу Оьрсийчоьнан куьйгалхой.

Немцов Борис вийна Чиллан-беттан 27-чу дийнахь, Кремлна генадоцуш тапча а йиттиина. Кху беттан хьалхарчу дийнахь дуккха а Оьрсийчурча гIаланашкахь акцеш хилира Немцов дагалоцуш. Москох хиллачу тезетан дуьйладаларехь дакъалецира 50 эзар сов стага. Немцов Борис дIавоьллина Москох Троекуровское олучу кешнашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG