ТIекхочийла долу линкаш

Савченко маьрша яккхар доьху дуьненаюкъараллан векалша


ПIераскан дийнахь хиллачу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин кхерамазаллин кхеташонехь дуьненаюкъарчу организацин декъашхоша а, Iамеркин Цхьанатоьхначу Штаташа а, Британис а дIахьедар дина Оьрсийчоьно сихха маьрша яккха еза Украинин эскархо Савченко Надежда аьлла. И зуда 8 баттахь набахтехь латтош ду Оьрсийчоьнан Iедалша, Оьрсийчура ши журналист верна иза бехке хила мега бохуш.

Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин инарлан секретаран гIоьнча волчу Симонович Ивана кхайкхам бина оьрсашка сихонца Савченко дIахеца аьлла. Иза набахтехь лаьцна латтор я низамашца а, я Минскехь хиллачу бертаца а догIуш дац элира цо.

XS
SM
MD
LG