ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнца девне бала лууш бац Евробарт


Латвин коьртачу гIалахь Ригехь дIадирзина шина денна лерина хилла Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн министрийн официалан доцу цхьаьнакхетар. Цара йийцинчу коьртачу теманех цхьаъ яра Украинерчу хьолах лаьцнарг.

ПIераскан дийнахь цу цхьаьнакхетарехь йист хуьлуш Евробертан арахьарчу политикехула йолчу коммисаро Могерини Федерикас дIахьедар дира, шаьш кийча ду Оьрсийчоьнна а, Украинерчу оьрсашкахьара болчу сепаратисташна а дуьхьал керла санкцеш кхайкхо аьлла.

Делахь а, шайн коьрта Iалашо ю конфликт йолчу зонехь маслаIат лардар элира цо. Цхьаьнакхетар дIадирзинчул тIаьхьа хиллачу зорбанан конференцехь Могеринис дIахьедар дира, Оьрсийчоьнца девне яла лууш яц Евробертана юкъайогIу пачхьалкхаш аьлла.

XS
SM
MD
LG