ТIекхочийла долу линкаш

Яшин Илья: Путин шеконашна кIелара воккху верси ю карийнарг


Немцов Борисца герггара уьйрашкахь хиллачу оппозиционера Яшин Ильяс, политик бусулба дин аьшнашдарна вийна бохург тиларачуьра ваьллачун къамел ду, иза Кремлан лаамца вийна ву, аьлла яздина. Немцов бусулбачу наха дин бахьанехь вийна бохург цхьана а критике дерзалуш дац, Путин шеконашна бухара воккху оцу версино, яздо Яшина социалан зIенехь.

Цхьаберш бу лоьцуш, бехке а беш, ткъа Немцов вен уьш арабаьхнарш къайленехь буьсу, боху Яшина.

Массех нохчо ву Немцов верах шеко йолуш лаьцна. Царех цхьамма, Дадаев Заура, даредина ша зуламан декъахь хилар. Ткъа Нохчийчоьнан администратора Кадыров Рамзана шен Инстаграммехь яздина, Дадаев шен тоьлла эскархо а, вуьззина бусулба а вара аьлла.

XS
SM
MD
LG