ТIекхочийла долу линкаш

Кадыровн цIе язйо нохчийн театро


Вайнах махкахбаьхначу Чиллан-беттан 23-чу дийнахь Соьлж-ГIаларчу Нурадиловн театро гайта йолийна, хIинца а йоьду «Къонахчун дош» пьеса махкара гIаттамхой Кадыров Рамзанехьа баха лерина ю, билгалдоккху «Кавказан Узел» агенталлица къамелаш динчу дуккха а нахана. Кадыровн а, гIаттамхойн баьчча Iийна, цуьнгахьа ваьллачу Батаев Арсланан а гергарло даздеш хIоттийна бу театран гайтам. Кадыровн васт ловзош ву къона актер Ахмадов Сулиман.

Кхечу гайтамашкачул алсам нах лела цига, дуьйцу агенталлана театран куьйгалхоша. Бакъоларъярхойн «Мемориал» юкъараллан куьйгалхочо Черкасов Александра шена иза Кадыров возалла-культ чIагIъярхьама гойтуш хета аьлла агенталле.

XS
SM
MD
LG