ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн полицина шайн белхахой лоьцуш а ца хиина


Нохчийчоьнан полицино хаамбина, шена хууш а дац Шелковскан кIоштахь Немцов Борис верна шеко йолуш ши стаг лаьцнийла, аьлла.

Лецнарш бу ши маьхча ЭскерхановгIар, цхьаъ шайх полицин белхахо а волуш.

Деккъа дIа шайца къамелдинчу журналисташка полицин урхаллерчу хьакамашка аладелларг ду и ши стаг Щедринскера хилар а, Эскерханов Тамерлан шайн белхан накъост хилар а.

Цкъачунна лаьцна кхобу Немцов вер толлуш 6 стаг. Вуьйцу ши воцуш: Дадаев Заур, Бахаев Хьамзат, ГубашевгIар – Анзор, ШахIид.

XS
SM
MD
LG