ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьа шо хьалха дуьйна хилла Царнаев ЖовхIар эккхийтар дан дагахь


Шинарийн дийнахь рогIера кхеташо хилла Бостонехь терроран тIелатар дина волчу Царнаев ЖовхIаран тIехь ечу кхелехь. Бехкбиллархоша гайтира суьдехь Царнаевс полицех лечкъина ша хикеманчохь Iуьллуш къоламца дина долу йозанаш. Ша хьоьгуш ву шен вешех, иза шел хьалха ялсамане вахана, бохуш яздина Царнаев ЖовхIара. Цуьнан адвокаташ бехккъасторхой тешо гIерташ бу, цуьнан бехк цахилла, шен вашас Тамерлана Iаткъам беш лелош хилла иза бохучух.

Цара дийцарехь, Тамерлана еххачу хенахь лачкъийна латтийна ЖовхIарх ша теракт кечъеш хилар. Амма бехкбиллархоша чIагIдарехь, Царнаев ЖовхIар цхьа шо хьалха дуьйна ойла еш хилла лелхийтарш дан дагахь. Иза гойтуш ду цо Твиттерехь дитина йозанаш. Бостонехь терроран тIелатар дар бахьана долуш вийна 3 стаг. 260 сов стаг чевнаш йина вара. Царнаевна бехке дуьллуш ду 30 зулам дар. Царах 17 вен кхел йогIу зулам ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG