ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Президентан харажамашкахь дакъалаца дагахь ву Назарбаев Нурсултан


Казахстанан президентан харжамашкахь «Нур Отан» партин цIарах дакъалаца дагахь ву карарчу хенахь цу даржехь волу Назарбаев Нурсултан. И сацам бина цо Кхаарин дийнахь хиллачу цу партин гуламехь. Делегаташна хьалха вист хуьлуш, Назарбаевс элира ша реза ву шен кандидатура хьалхататтийта аьлла. 74 шо долу Назарбаев Нурсултан Казахстанан президент ву 1990-чу шарахь дуьйна.
Казахстанан конституцино шоозза бен бакъо цало цхьана стагана юкъа хан а ца йолуьйтуш президентан харжамашкахь дакъалаца. Амма цу тIехь аьлла ду иза хьакхалуш дац Казахстанан хьалхарчу президентах аьлла. РогIера боцу пхиолгIа президентан харжамаш хир бу цу пачхьалкхехь Охан-беттан 26-чу дийнахь. Таханлерчу денна цу харжамашкахь дакъалаца дагахь ву 14 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG