ТIекхочийла долу линкаш

Украинина тIеман гIирсаца гIо дийр ду Iамерко


Украинин армина цхьацца кепара тIеман гIирс балар къобул дина Iамеркин президенто Обама Барака. Цуьнан мах хир бу 75 миллион доллар. Цул сов Украинин армина лур йолуш ю 230 Humvee цIе йолу аренашкахула лела машен. Iамеркан зорбанан гIирсаш даладо цIе цаяьккхинчу Iедалан векалан дешнаш. Цо дийцарехь, Украинин махбалехь йолу конфликт ерза йойла дац тIамца. Украинин аьтто бан беза ша Iалашъян аьлла хета цунна.

Украинан луш йолчу тIеман техникана юкъахь ю артиллери а, миномет а мичара кхоьссина хаа аьтто луш йолу яккхийн тоьпийн радараш а, тактикан таллам бан оьшуш долу тIехь пилот воцу кеманаш а, зIе латторан гIирсаш а, буьйсинна сагойту куьзганаш а, сихха лоьрийн гIо кхачон машенаш а. Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь хIинца а дебаташ дIайоьлхуш ю герз дала оьшу Украинин, я цаоьшу боху хаттар дийцаре деш.

XS
SM
MD
LG