ТIекхочийла долу линкаш

Бабушкинна реза бац талламхой


Оьрсийчоьнан президентан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан декъашхо Бабушкин Андрей левина Немцов Борис вер толлуш болчу талламхоша. Бабушкин дийцарехь, царна хаа луург дара хIунда баханера бакъонашларъярхой Немцов верне бехке хила мега аьлла лаьцна болу нах латочу талламан изоляторе.

Бакъонашларъярхочо дийцарехь, цуьнан кхин бакъо хир яц юха а цига ваха, цуьнан хIинца тешан статус йолун дела. Шинарин дийнахь бакъонашларъярхой хилира Немцов верна лецна болчу Дадаев Заур а, вежарий Губашев Анзор а, ШахIид а латточу талламан изоляторехь.

Цара массара а латкъам бина шайна йиттина аьлла а, къиза ницкъ бина аьлла а. Талламан комитетан векалша чIагIдо бакъонашларъярхой бакъо яцара цаьрга цхьа а хIума хетта, уьш латточу хьелашца доьзна доцург бохуш.

XS
SM
MD
LG