ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчо миччахь велахь а, нохчо хилла вуьсу


Брюссел -- Дозанал арахьарчу нохчийн къанойн кхеташонан декъашхой (аьрроагIорхьара аьттоагIор) Ибрагимов Абдурахьман, Асхабов Денилбек, Докудаев Ахьмад. 7Заз.2015
Брюссел -- Дозанал арахьарчу нохчийн къанойн кхеташонан декъашхой (аьрроагIорхьара аьттоагIор) Ибрагимов Абдурахьман, Асхабов Денилбек, Докудаев Ахьмад. 7Заз.2015

300 эзар гергга нохчо ву тахана Даймахкал арахьа вехаш лоруш. И нах лардан гIерта шайн дайн гIиллакхаш-гIуллакхаш. Оцу Iалошонца стохка, бух Германехь а болуш, цара кхоьллира дозанал арахьарчу нохчийн къанойн кхеташо. Цуьнан декъашхой бу Малхбалера а, Малхбузера а векалш. Коьртехь ву Берлинехь вехаш волу яздархо Хачукаев Сайд-Мохьмад. Шайн балхах лаьцна дуьйцу оцу кхеташонан жигаран декъашхочо Францерчу Ибрагимов Абдурахьмана. Цуьнан къамеле ладугIуш уллехь бара цу кхеташонан декъашхой Докудаев Ахьмад а, Асхабов Денилбек а.

XS
SM
MD
LG