ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Новая газетана» зорба тохар сацо мегаш ду гергарчу хенахь


«Новая газетана» зорба тохар сацо мегаш ду гергарчу хенахь аьлла дIахьедар дина «ДогIа» телеканалан эфирехь вист хуьлуш цу газетан коьртачу редакторо Муратов Дмитрийс. Цо дийцарехь, цуьнан бахьана ду редакци ахчанца халонаш хьоьгуш хилар.

«Новая газетан» зорабнан секретаро Прусенкова Надеждас бинчу хаамца цу газетан сайт болх беш хир ю хьалха санна. Амма Муратов Дмитрийс дийцарехь, цкъачунна билггала хууш дац сайто болх бийр бу, я бац, иза латто а ахча оьшуш хиларна.

«Новая газета» кхоьллина 1993-чу шарахь «Комсомольская правда» газетера дIабаханчу журналисташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG