ТIекхочийла долу линкаш

Киевна Iаткъам бар доьху сепаратисташа Олланде а, Меркеле а


Киевна Iаткъам бахьара аьлла Францин президенте Олланд Франсуага а, Германин канцлере Меркел Ангеле а дехар дина Донецкан а, Луганскан а «халкъан республикаш» олучу тобанийн куьйгалхоша Захарченко Александра а, Плотницкий Игора а. Сепаратистийн векалша чIагIдарехь, Украинин Iедалша йохийна конфликт йоьдучу зонера деза герзаш юхадахаран график.

Цул сов, Захарченкос а, Плотницкийс а доьху Евроберте бахар дехкар цхьаболчу Украинин Iедалан векалшна, шайна юкъахь премьер-министр Яценюк Арсений а, тIеман министр Полторак Степан а, Къоман кхерамазаллин кхеташонан куьйгалхо Турчинов Александр а волуш.

XS
SM
MD
LG