ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а Лефортово нохчашна тIебахар дихкина бакъонашларъярхошна


Немцов Борис верна лецна болчу нахаца талламан изаляторехь цхьаьнакхета бакъо ца елла Талламан комитето Оьрсийчоьнан президентан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан декъашхошна. Цунах лаьцна РБК агенталле хаам бина цу кхеташонан куьйгалхочо Федотов Михаила. Цкъачунна хууш даца дагахь буй бакъонашларъярхой кхечу дийнахь шаьш Лефортово дахийта аьлла дехар дан.

Шинарин дийнахь Федотовн накъостий а, журналисташ а хилира Немцов верна лецна болчу Дадаев Заур а, вежарий Губашев Анзор а, ШахIид а латточу талламан изоляторехь. Цара массара а латкъам бина шайна йиттина аьлла а, къиза ницкъ бина аьлла а. Талламан комитетан векалша и бахьана долуш бехке бина адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан декъашхой шаьш дIохьочу талламана юкъагIоьртина аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG