ТIекхочийла долу линкаш

Мисара вахана Керри


Экономикан конференцехь дакъалаца Мисар-пачхьалкха вахана Iамеркин пачхьалкхан секретарь Керри Джон. Шарм-эль-Шейхехь дIайолаелла шина денна лерина йолу и форум хьажийна ю Мисаран экономикана а, цига хьажор йолчу инвестицешна а.
«ТIейогIучу заманан Мисара» цIе йолчу цу конференцехь дакъалоцуш бу 90 гергга пачхьалкхашкара векалш. Цу регионерчу политиках хьакхалуш долу дийцарш дIадахьа дагахь ву Керри Джон Мисаран президентаца ас-Сиси Фаттахца. Цул сов, цара дийцаре дийр ду «Исламан пачхьалкх» тобанца къийсам дIабахьарца доьзна хаттарш а, Либехь хIоьттина хьал а, ткъа иштта Шемара кризис а.
XS
SM
MD
LG