ТIекхочийла долу линкаш

Путинна тIехь ду Немцов верна политикан жоьпалла боху цуьнан йоIа Жаннас


Москох вийначу оппозицин декъашхочуьнан Немцов Борисан йоIа Жаннас Би-би-си –на интервью луш дIахьедар дина, шен дан верна политикан жоьпалла Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна тIехь ду аьлла. И интервью дIаязйина Италехь.

Ша политикехь яц, амма ша журналисташца дина къамел бахьана долуш Оьрсийчоьнан Iедалша политикех дIатухур ю ша, бохуш яра Немцова Жанна. Иза цатеша нохчаша, шайна дага а деана, шен да вийна бохучух.

XS
SM
MD
LG