ТIекхочийла долу линкаш

Савченкона тIебитина Украинера лоьраш


Москох талламан изоляторехь латточу Савченко Надеждина тIебитина Украинера лоьраш. Цунах лаьцна шен Твиттерехь йолчу агIонехь хаам бина цуьнан адвокато Фейгин Марка. И хаам тIечIагIбина Украинин арахьарчу гIуллакхийн министро Климкин Павела.

ПIераскана дийнахь Украинин Iедалан векалша хаам бинера, Украинера лоьраш тIецабуьту Савченкона аьлла. И бахьана долуш Оьрсийчоьнан инарлан прокуратуре латкъам бан дагахь бара Украинера эскархочуьнан адвокаташ.

Кхаарин дийнахь 80 дийнахь мацалла хьегна йолчу Савченко Надеждас дIахьедар динера и акци юхадIайолор ю ша аьлла, нагахь шена тIе Украинера лоьраш цабитахь. Украинера эскархо бехке еш ю Донбассехь оьрсийн журналисташ бойуш дакъаларна. Савченкос иза тIецадуьту.

XS
SM
MD
LG