ТIекхочийла долу линкаш

Путин цхьаьнакхетта ГIиргIазойчоьнан президентца


Кху беттан 5-чу дийнахь тIаьххьара юкъараллехь гина бен а воцу Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир оршотдийнахь цхьаьнакхетта ГIиргIазойчоьнан куьйгалхочуьнца Атамбаев Алмазбекца Петарбухарчу Константиновскан гIопехь.

Шен могашаллах, нехан бIаьра хьалхара варах даьржина хабарш хьахош цо элира: «Сингаттаме дара эладитанаш доцуш». Атамбаевс тоьшалла дира, шена Путин тоьллачу могашаллехь го, цо машен а юьгуш а кхачийра ша гIопе а, аьлла.

Чиллан-беттан 27-чохь оппозицин лидер Немцов Борис верций, 62 ши шо кхаьчна Путин могаш вацарций, цунна бер дарций дузура наха президент чугураваларх лаьцна кхуллу бахьанаш.

XS
SM
MD
LG