ТIекхочийла долу линкаш

ГIирма йоккхуш, эшнехь, зарратан герзах пайдаэца а дагахь вара ша, боху Путина


ГIирма, дуьненанюкъара низамаш а талхош, Кремло Оьрсийчоьнах дIатохарна лерина кIирандийнахь гайтинчу документалан филмехь президента Путин Владимира хаамбира, Украинаца юкъаметтигаш гIоьртинчу хьоле йовларо ша декхаревира пачхьалкхан зарратан герз самоне хIотто кечвала. Хьашт хилахь, цунах пайдаэца дагахь а вара ша элира цо, оцу хьокъехь шега кино йоккхучара динчу хаттарна жоп луш.

Кхаа сохьтехь гергга яра гайтина «ГIирма: Даймахка боьду некъ» цIе йолу документалан филм. Путина ша тешна вара, элира, Оьрсийчоьне ГIирма цаяккхийта Малхбалено ен йолчу дуьхьалонан вочу тIаьхьалонах. Шега массех пачхьалкхийн лидеро телефонехула дийхира ГIирме цагIертар, амма ша иза «тхешан латта ду элира», ткъа цигахь беха нах оьрсий а бу, уьш кхерамна кIел буьтийла а дац, жоп делира ша, боху Путина документалан киногайтамехь.

XS
SM
MD
LG