ТIекхочийла долу линкаш

Онлу Медет вуьйриг 1 миллион доллар делла


Туркойчуьра Дейли Ньюс газето кIирандийнахь хаамбина, Хонкарахь лурчаха бIаьста Нохчийчоьнан Ичкери Республикан векал Унлу Медет вуьйш, и зулам дийриг 1 миллион доллар делла аьлла.

И хаийтина йоьдучу кхелехь тоьшалла динчу стага. Лурчаха, Стигалкъекъа-беттан 22-чу дийнахь, Унлу верна бехке веш, шо даьллачул тIаьхьа лецира турко Алуч Мурат. ХIетахь цо бохура, шена Кремлехьа болчу нохчаша Унлу верна Украинехь тоьлла дахар нисдийр ду аьллера.

Газето чIагIдарехь, Унлу Медетна гонахара кхин а пхи стаг вен тIелаьцна а хилла зуламхоша, амма иза чекх ца даьлла Ичкерин векал вийнарг лацар бахьана долуш.

Унлун доьзало чIагIдо, Алуч Мурат шайн да вен араваьккхинарг Оьрсийчуьра веана стаг а хилла, иза зуламдина ши де даьлча шен цIа дIа вахана бохуш.

XS
SM
MD
LG