ТIекхочийла долу линкаш

Европера вайнах тесна цабитархьама


Белги -- Европерчу нохчийн къанойн кхеташонан декъашхой, аьрру агIор аьтту агIор: Асхабов Деналбек, Ибрагимов Абубакар, Докудаев Ахьмад, Хачукаев Сайд-Мохьмад (куьйгалхо), Брюссел, 06Заз2015

Белги -- Европерчу нохчийн къанойн кхеташонан декъашхой, аьрру агIор аьтту агIор: Асхабов Деналбек, Ибрагимов Абубакар, Докудаев Ахьмад, Хачукаев Сайд-Мохьмад (куьйгалхо), Брюссел, 06Заз2015

Европерчу массо а мехкашкахь а, Малхбаленан пачхьалкхашкахь а беха Нохчийчуьрчу шина тIамо даймахках баьхна нах. Цхьайолчу меттигашкахь мелла а вовшашца юкъаметтигаш кхобу нохчаша. Ткъа уьш латто цхьа а хьукматаш а, шайлара бевлла лидерш а боцуш беха вайнах дукха хьолехь.

И хьал хийца, Нохчийчоьнах хаьддачу нахана юкъара гергарлонаш чIагIдан, цаьргара къоман ламасташ ца дайта, жимчу чкъорана ненан мотт, гIиллакхаш Iамо лаам шайца кхобу тобанаш а ю дозанал арахьа бехачу нохчашлахь.

Оцу Iалашонца кхоллаелла, масала, Германехь вайнехан жигархойн тоба – Европерчу къанойн кхеташо. Ахшо ду яздархо Хачукаев Сайд-Мохьмад коьртехь а волуш цо къахьоьгу.

Дечух а, дан леринчух а Маршо Радиога дийцира ша Хачукаевс.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG