ТIекхочийла долу линкаш

ХIун дан деза дозанал арахьарчу нохчаша?


Швеци -- Шайн къоман стаг махкара ара ца ваккхар доьхуш, протесте бевлла лаьтта нохчий, СтокхIолм, 03Оха2013

Швеци -- Шайн къоман стаг махкара ара ца ваккхар доьхуш, протесте бевлла лаьтта нохчий, СтокхIолм, 03Оха2013

Дуьненаюкъарчу хьукматаша, я шаьш бехачу мехкийн урхаллаша, массо а бахархойх санна бен, шайх луш жоп а доцуш, Оьрсийчоьнал арахьа беха 300 000 гергга нохчий. Лаам бац церан гергарчу заманахь, даймахка юха а бирзина, бухарчу Iедална кIел совца. Амма тоаме дац къоман ламасташ шайлахь кхаба а, дебо а хьелаш уьш бехачу мехкашкахь а.

Цуьнца дузу Маршо Радионо шен кху кIиранан хаттар. Шуна муха хета, хIун дар тоьлу оцу нахана: даймахка юхаберзар, шаьш бех-беххачохь шайгара нохчалла чIагIден некъаш лахар я бухарчу къаьмнех сихха дIаэр?

Хаттарца доьзна шайна хетачух лаций телефон тоха тхоьга: +420724019832

Горгали а баийтина, охьайилла а мега телефон, тхо тхаьш девр ду шуьца зΙене.


СМС яийта а тарло тхан Москохарчу телефон тΙе – 8 926 23 60 4 65.

Ватсап, Вайбер а ю тхан: +420724019832

Хаттаран хьокъехь яздан йиш ю тхан сайте а: www.radiomarsho.com

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG