ТIекхочийла долу линкаш

Пакистанехь 12 стаг ирхъоьллина


Стаг Iедалан цIарх верна, официалехь ца тоьхнехь а, мораторий тоьхна ши бутт сов хан яьллашехь, Пакистанехь 12 стаг ирхъоьллина шинарийдийнахь. Чоьхьарчу гIуллакхийн цхьана векало бинчу хаамца, байинарш бу террорхой а, даккхий зуламаш дина нах а.

Набахтехь болхбечу стага къайлаха дийцина журналисташка, ирхъоьхкинчех 8 Пенджаб, 2 Кхарачи, цхьацца Фейсалабад а, Гуйранвала а кIошташкарчу набахтешкара бу аьлла. Иштта вен кхачийна хилла шиъ ца вуьйш витина, довхоша царна къинхетамбар бахьана долуш.

Нийсса кхо бутт кхаьчна Пакистанан премьер-министра Шариф Наваза махкахь Iедалан цIарх кхин нах бойъу кхелаш йийр яц аьлла.

XS
SM
MD
LG