ТIекхочийла долу линкаш

Савченко Надяс юха а мацалла лаьцна


Ша мацалла яла а реза ю, нагахь санна маьрша ца яккхахь, аьлла дIахьедина Оьрсийчоьно набахтехь латточу Украинерчу тIеман кемалеладархочо Савченко Надяс. Иза цо хаийтина шена тIехь кхел ечу юкъанна ша кхобучу Москохарчу Матросская Тишина набахтера.

«Ас Зазадоккху-беттан 16-чу дийнахь дуьйна юха а мацалла лоцу, со Украине дIаяххалц, я Оьрсийчохь сайн дахар хаддалц йолчу ханна», - аьлла ду Савченкон адвокато шен Твиттерехь довзуьйту йоза.

33 шо долчу Савченко Надяс яйина 20 кийла. Кхаа батте ца кхоччуш яра цо юхьанца латтийна мацалла. Могашалла талхарца доьзна сацийна латтийра цо иза итт дийнахь.

Иза Оьрсийчоьно бехкейо, Донбассехь минометаш тоьхча вийна шен ши журналист волу меттиг Украинан эскаршна йийцина цо, гIодина и шиъ вуьйш, бохуш. Ткъа Савченкос иза бакъ ца до.

XS
SM
MD
LG