ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Израилехь - кнессете харжамаш


Израилехь парламентан (кнесетан) харжамаш бара шинарийдийнахь дIабоьлхуш. Формалехь а доцуш цара гайта деза мел лоруш ву халкъо мехкан куьйгалхо – премьер-министр Нетаньяху Беньямин. Оршоьтан дийнахь харжамхошка вистхуьлуш цо элира, нагахь санна Iедал халкъо юха а шена тешадахь, ша дерриг а дийр ду Палестинах пачхьалкх ца хилийта, аьлла.

Иштта, Нетаньяху дуьхьал ву ГIажарийчоьнца цуьнан зарратан программин хьокъехь хила тарло бертан къамелаш дан а.

Премьер-министран политикан оппоненташа иза бехке во цо, израилхойн тидам мехкан проблемашна гена а бохуш, арахьарчу кхерамашка берзабо, бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG