ТIекхочийла долу линкаш

Немцов вер толлуш лецначарна тIе ца буьту бакъоларъярхой


Оьрсийчоьнан Талламан комитето дихкина пачхьалкхарчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонна политик-оппозиционер Немцов Борис вер толлуш лецначу нохчашна тIекхача. Комитето бегIийла дац аьлла иза дайта. Амма ша толлур ю, аьлла, лецначарна гIело йо боху информаци.

КIира ду лецначара - Дадаев Заура а, ГубашевгIара , Анзора а, ШахIида а, шайна ницкъбо низамхоша аьлла дIахьедина. Талламан комитето оцу хьокъехь хеттарш дан лецначарна хьалхо тIебитина хилла бакъоларъярхой бехкебира, цара дан мегаш доцу хеттарш а деш, низам талхийна, аьлла. ТIебуьтуш бац лецначарна церан адвокаташ а.

XS
SM
MD
LG