ТIекхочийла долу линкаш

Полицино къайлабаьхна ша лецна нах


Нохчийчоь --Полицин Дийнахь Соьлж-ГIаларчу полицин цхьана хьаькамна мидал уллуш ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан,10Лах2011

Нохчийчоь --Полицин Дийнахь Соьлж-ГIаларчу полицин цхьана хьаькамна мидал уллуш ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан,10Лах2011

Бут кхаьчна Нохчийчоьнан куьйгалхоша Теркйистера нах литта болийна. БухIан-Юьртахь хин дамба эккхийта гIоьртина кхо стаг велчхьана дIадуьйладелира цигахь лецарш. Шаьш бигинчех ши стаг вийна нахе дIа а велира низамхоша. Тахана а цIийнах кхетаза вуьсу массех вахархо.

Кху Зазадоккху- беттан 24-чу дийнахь цхьа бутт бузу Теркйист кIоштан кегийрхошлахь вер-ваккхарш нисделла а, ницкъаллин структураша лецарш долийна а, совцийначу кегийрхойх цхьаберш, гергарниш тIаьхьа ца кхуьуьйтуш, шу доьзалхошкара хIара а, хIара а даьлла, цундела уьш кхела хьалха хIитто богIу аьлла, кховдош бехк а боцуш, къайлабаьхна кхобуш болу а.

Дерриге а дIадоладелла чекхбаьллачу беттан 24-дийнан буса, официалан чIагIдарца, Соьлжа-гIалахь талор дан гIоьртина кхоъ, ларамаза нисделлачу эккхийтарехь велча. Цул тIаьхьа дIадоладелла шуьйра лецарш. Полисхойн белхоша тобанашкахь дIабигнера цаьрца хьасане хилларш а, зIенехула юкъаметтигаш лелийнарш а, гергарниш а, лула-кулахь Iийнарш а.

Шайн лаамехь я лаамза и белларш бахьнехь, Iедалехь болчара тIеIаткъам беш кеггийна дуккха нехан кхолламаш, къанбаллалц хьаннал къахьоьгуш схьабаьхкина нах балхара бохош, махках бохуш. И таIзар дечу хена «хIара аш деш дерг муьлхачу низамаца догIуш а, муьлхачу низамо магош ду», ала а некъ ца битна бахархошна. Царна битина харжам бац, гIорасиз а хилла IадIар доцург. Уьш маьрша бац хIара-и аьлла могIарера хаттар дан а.

И билламаш хIиттийнарш кIоштан Iедалхой бу. Тхан бераша вийна,лазийна стаг ца хилча,уьш мичахь ду а хаийтина, адвокат тIе а вуьтуш,низамо мА-хьоьхху стенна ца леладо аш уьш лебар а, цаьрга барт хаттар ала, тIебахна леткъам бан меттиг яц могIарерчу нехан.

Нохчаша даре а деш къора а,бIаьрзе а хилла, юьстах Iаш ю низам лардайта декхарийла йолу структураш а, прокуратура масала, вонна а, диканна а «хIаъ» я «хIан-хIа» аьлла,аз хазош яц Нухажиев Нурди коьртехь волу бакъонашларьярхойн урхалла а. Ницкъаллин структураша лаьцна дIавигча вала а велла схьавелла шиъ воцуш, карарчу хенахь цхьаъ-шиъ хилла ца Iа, болу меттиг а ца хоуьйтуш, набахьтехь латтош берш.

Царех бу Теркйист кIоштера Висаитов, Чермоев, Чимаев, Джамурзаев, Дадаев… Кхин массехазза а сов бу шина кIирнах гергга чохь а бахкийна мукъабаьххарш. Юьртахошка кхета ца ло кху тIаьхьарчу хенахь шайна тергаллуш дерг. Шун стаг хIара зулам дан гIоьртина аьлла,Iора а баьккхина бехк цакховдор а, хуьлуш дерг хIун ду а ца хоуьйтуш, нах къайлабаьхна латтор а.

«МикIлай хенахь дуьйна схьа цхьана Iедало лелийна хIумнаш дац кхара лелориг,- боху шен цIе йоккхийла ца лиъначу юьртарчу цхьана вахархочо.- Сан шича кIант ву цара вигна пайдабоцчу а ваьккхина, лаьцна латтош. Ас ца боху цуо хIумма а лелийна хир дац, и цхьажимма хилла а бехк боцуш чохь валлош ву а. Цуьнгара хIун даьлла, дан ца догIург цо дина схьадийца аьлча, корта болуш хIума а дац схьадуьйцуш. И ду суна а .кхечарна а Iеткъаш дерг. Iедал ду бохуш хилча, гергарнаш дуьхе а ца кхуьуьйтуш цхьа къайлах-къулах санна стенна леладо?

Цо вийна-ваьккхина стаг ца хилча хьенан хIун бакъо ю иза а, кхиверг чохь валло? ХIун низам ду аш лардеш дерг? Бехк боцу нах стенна хьийзабо аш аьлча, луш жоп дац, гергарнаш чехабар доцург. Яккхий эрчонаш ю схьагуш ерш. ХIара мича доьдуш ду-м ца хаьа»,- бохуш чIогIа цецвуьйлура соьца къамел дина вахархо.

Бахархой цакхетарг а, гергарчарна лазаме даьлларг а и ду – схьаолуш хIума а доцуш, лецнарш мичахь, мича хьолехь бу а ца хоуьйтуш, къайлабаьхна латтор. Нагахь церан дов хоттур долуш делахь маца, муьлхачу суьдехь, мича бехкана? Маццалц лаьттар бу тхойгахь сахьийзаме ладегIам? Цу а, кхечу а хеттарша Iаламат чIогIа садуу гергарчийн.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG