ТIекхочийла долу линкаш

Тунисехь 19 стаг вийна


Тунисан шахьарарчу музейна тIе а летта, тIемалоша 19 стаг вийна кхаарийдийнахь. Царех 17 ву кхечу мехкашкара. Лазийна 22 турист а, ши тунисхо а. Белларш бу доккхачу декъанна полшахой, италахой, немцой, испанахой. ТIелетта ши стаг вийна полицино. Царех цхьаъ меттигерчу низамлардечу ницкъийн белхахо хилла. Тунисан бахамехь алссам дакъа дIалоцу туризмо. 2011-чу шарахь карчам а бина, диктатор Бен Iела Зин хийцичхьана баьлла бацара Тунисехь и санна бохам.

XS
SM
MD
LG