ТIекхочийла долу линкаш

Сребреницера геноцид бахьанехь


1995 шарахь Сребреницехь дуккха а бусулбанаш байъар толлучу Сербин полицино лаьцна 7 стаг. 20 шо хьалха цхьа эзар сов стаг вуьйш дакъалаьцна цара, хаамбина зулам талла вовшахтоьхначу Сербин а, Боснин а прокурорийн тобано. ЦIершца ца буьйцу лецнарш. 8 эзар бусулба стаг а вуьйш, Сребреницехь лелла къизалла геноцид аьлла билгалъяккхина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацино. Дуьненан ШолгIа тIом дIабаьллачул тIаьхьа адамашна дуьхьал динчу зуламех дуьххьара «геноцид» аьлла къастийнарг ду Сребреницехь дина зулам.

XS
SM
MD
LG