ТIекхочийла долу линкаш

Харжамашна реза ву Нетаньяху


Шинарийдийнахь Израилехь кнессетан (парламентан) харжамашкахь тоьлла, цкъачунна далочу жамIашца, премьер-министр Нетаньяху Беньамин коьртехь волу «Ликуд» парти. «Сийлахь боккха толам» аьлла цIетиллира шен агIонанан толамна харжамхошна хьалха къамелдеш Нетаньяхус.

Амма толам базбан хьалхе ду, официало жамIаш довзийтина дац, бохура опппозицин «Сионистийн Барт» партин векалша. Мохк харжамашна кечлучу юкъанна бинчу талламаша гойтура «Ликуд» партин а, «Сионистийн Бертан» а цхьатерра рейтинг хилар.

Делахь а, Би-Би-Сино бахарехь, 120 депутатан меттигах лаьттачу кнесетехь «Ликудна» кхочу 30 гIант, «Сионистийн Бертана» - 24. Бисина меттигаш, кIез-кIезиг кхочуш, бекъабелла мехкан кхечу партешлахь.

XS
SM
MD
LG