ТIекхочийла долу линкаш

Тангиев Тимурна дина таIзар дийцаредина Европан Кхеташонехь


ТIебогIу бутт болабалале Нохчийчоьнан лакхарчу кхело Соьлж-ГIалин вахархочун Тангиев Тимуран дов хоттуш бинчу сацаман копи шега дIакхачор дехна Европан Кхеташоно. Хьалхо Европан адамийн бакъонашкахула йолчу Страсбургерчу кхеле шен бакъонаш талхорах лаьцна арздинера Тангиевс.

Пхи бутт хьалха 21 шо хан туьйхира Нохчийчуьрчу кхело Тангиев Тимурна, цо махкахь тIом боьдуш дуккха а зуламаш дина аьлла. Ткъа Европан кхело хIинцачул кхо шо хьалха къастам бинера, кхел хьочу юкъанна Тангиевна тIехь Iедалан белхахоша низамехь йоцу гIело яллийна, аьлла, Iедал цунна 45 эзар евро дIадала декхаре а деш.

Европан Кхеташоно шен дIахьедарехь кхойкху Оьрсийчоь шен политикан лаккхарчу тIегIанехь «адамна гIелояр, ницкъаша цуьнгара даренаш дахар харцо хилар кхеторе». Деношкахь Европан Кхеташонна юкъайогIучу 47 пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министрийн цхьанакхетарехь, Европан кхелан сацамаш мехкаша муха кхочушбо дуьйцуш, вон масал санна хьахийра Тангиев Тимуран дов.

XS
SM
MD
LG