ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь тIом лаьттина шераш мел генадовларх а дац хедаш махкара дIаоьхучу бахархойн кочар. Даймохк бита ойла йолуш карабо вуно дукха нах. Стенна уьду хазлуш, маьршайолуш ю бохуш юьйцучу Нохчийчуьра бахархой? Шен рогIехь мохк бита сацам бинчу стагца къамел хилира Маршо Радион.

Кхечу пачхьалкхашка дIабаха ойла кхобуш берш шо-шаре мел долу а алсамбовлахь бен лахлуш бац. Цунна даре до юьртдайша а, шаьш могIарерчу бахархоша а. Цара дийцарехь чот йоцуш дукха бу Европе дехьабовла таро хиларе сатуьйсуш Iаш берш. Даймахкана пе а бетташ дIаэхар дукхахболчара кхетадо Нохчийчохь доьзал хене баккха болх-некъ цахиларца.

Цхьаболчара шаьш мухIажарш довлар дузу цомгашчу доьзалхочунна дарба каро лаарца. ДIаоьхуш болчарлахь кIезиг бац дешан маршо, синмаршо цахилар бахьнехь, хIора шарна а Iаткъаме ладегIам совбийларна Нохчийчоь юьтуш берш а.

Цу кепара кхузара хьал маьрша доцу дела, «ас-со» а долуш, шен хьажам а, дахар кхетор долчунна тIебазбеллий лаьтташ кхерам хиларна а оьху дукха нохчий кхечу мехкашка дIа боху, вайнах махкахбийлар хьокъехь соьца къамел деш волчу Мовсар цIе йолчу Iилманчо.

Мовсар: «Тхан чохь долу хьал сакIамдеш, чIогIа кхераме ду. Кху чохь нислуш долу хIума муха нисло? Цхьангара цхьа гIалат даьллехь, иза гучуваьллехь цхьа зулам дан гIерташ, нана боккха го,гергарниш жоьпе ийзо ца беза. Стенна аьлчи шен дегара, ненера пурба а даьккхина лелаш ма вац иза. Ас-м цуо цхьаъ дина бохург а шеконе дуьллу. Бакъволу мостагI,лаца хьакъверг кху Iедална цкъа а карош а ма вац…»

Маршо Радио: Цхьаболчу тергамхоша а боху,хIинца ахьа а билгалдоккху синмаршо цахиларна дIаоьху цкъадолчунна нохчий бохуш…Хьуна мел бух болуш хетта и дIахьедар?

Мовсар: « Суна иза , цхьа шеко а йоцуш, ишта ду аьлла хета. Кхузахь хьо цхьана хIуманна говза велахь,охIла велахь хьан бакъо яц Iедалдайх дага а ца волуш, церан пурба а доцуш, хьайггара хIума лело. Iедалдеца хьан юкъаметтиг елахь, цуьнца хьан уьйр елахь, хьан «нана маре» йоьду, хьо говрахь ву тIаккха.

Вуьшта муьлхха а хIума министрера я кхечу хьаькамера долуш санна дIадоло а деза, дийца а деза. Ишколехь а, кхечу хьукхмат-урхаллашкахь а хIоттийна хьал ишта ду.»

Маршо Радио: Нохчийчохь майда ю аьлла хетий хьуна хьайна хетарг дIаала, я кхана –лама хир ю ала а?

Мовсар: « Цхьа майда а яц. Тахана, нохчий хIумма а йоцурш а йина, лахбина. Шайна хетарг,Iедална хазахь а ца хазахь а, дIаала хIуттуш стагга а вац, я некъ а бац и дан. Иза телехьожийлащкахь а гуш ду. ХIумма а йоцурш йина гойтуш баккхий нах а. Iедалдас дош оллушшехь бераш санна хьалагIовтту…

Яздархой а бац, мел шайн таро елахь а бистхила хIуьттуш. Уьш а бу Iедална садоьхкина нах. Шайн оццул дуьненан аьтто хиллашехь, классикаш ду шаьш бохуш шаьш леллашехь, аз дало ца баьхьа.

Лазам бийца, къомана боьха гIомат коча йоьллича а дистхила доцурш классикаш хуьлу. Валлай ца хуьлу-кх. тхан махкахь хIоьттина хьал муха ду аьлчи,тхо суждане оьхуш ду-кх… Тхан махкара аравала гIерташ ву-кх массо а, ваха а, сакъера а, садаIа а.адам хила а»

Болх-некъ каро а, Iар-дахар нисдан а, махках а буьйлуш нохчий кхечу пачхьалкхашка дIаэхар хьокъехь соьга дийцина Iилманча теш ву, мичча кхачарх, вайнехан перза цхьа Iалашо хила еза аьлла –ненан мотт ларбар, иза доьзална биц цабалийтар.

Шо-шаре мел долу а Европе дIабаха луурш нохчашлахь алсамбийларх дийцина Iилманча Мовсар тешна ву Оьрсийчохь тергаллучу ледарчу хьелаша, ког баькх-баьккхинчохь гучу хьарамлонаша а, харцонаша а лоьхку адам кхечу мехкашка аьлла.

XS
SM
MD
LG