ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнца лелон богIу некъаш лоьху политикаша


Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн вице-президентан Байден Джон а, Украинан президентан Порошенко Петрон а бартхилла, тIейогIучу хенахь Оьрсийчоьнна туху санкцеш цо бахначу баттахь Минскехь шена тIеэцначу машаран барт кхочушбарца йоьзна хир ю аьлла. КIайчу ЦIийно бечу хаамца, телефонехула Байденан а, Порошенкон а къамел хилла кхаарийдийнахь.

«Украинехь ницкъбар, хьал эшна латтор Оьрсийчоьно марса мел доху, дуьне кийча хила деза дуьхьало ян», - аьлла ду дIахьедар. Байден Джос къобалдира Украинан парламенто кхаарийдийнахь Донбассна шатайпа статус а къастош, цигахь Украинан низамашца харжамаш дIабахьа сацамбар.

Ткъа Оьрсийчоьно а, Донбассерчу гIаттамхоша а тIе ца оьцу Лакхарчу Радин сацам. Чиллан-беттан 12-чу дийнахь Белоруссин шахьарахь бина барт юхаязбан гIерта Украинан парламент, аьлла, къамелдина еарийдийнахь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Лавров Сергейс.

XS
SM
MD
LG