ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДжихIадхойн гIеранаш ХIаагерчу кхеле озор доьху


Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин адамийн бакъонашкахула йолчу хьукмато хаамбина, «Исламан Пачхьалкх» шайх олучу тIемалойн тобанаша геноцид хIоттийна Иракъерчу езидашна тIехь, иштта адамаллина дуьхьал а, тIеман а зуламаш дина маьршачу бахархошна дуьхьал, аьлла.

Оцу хьукмато кхойкху Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин Кхерамзаллин Кхеташо ХIаагерчу бехктакхаман трибуналехь дов айдаре. БIеннаш борша нах а бойуш, бусулба динах доцу кегий къаьмнаш, цхьана декъанна, езидаш, хьийзийна тIемалоша, хIусамех бохийна бIеннаш эзарнаш, лолле бигина зударий, бераш декхаредина дин тIеэца, боху адамийн бакъонашкахула йолчу хьукматан артикло.

ТIемалоша гIелойинчу нахаларчу 100 сов стагера интервью эцна хьукмато шен талламаш беш. Артикло къастадарехь, массех тIеман зулам дина Иракъан Iедалан ницкъахоша а, милицоша а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG