ТIекхочийла долу линкаш

Лаамза - Соьлж-ГIаларчу гуламе


10 эзар стаг гулвелира Соьлж-ГIалахь кхаарийдийнахь ГIирма Оьрсийчоьнах дIатохар даздан, хаамбина шахьаран администрацино. Амма Iедалан белхахоша а, студенташа а «Кавказан Узел» газете дийцина, шаьш бараме ницкъаша гулдинера аьлла. Шо хьалха, Зазадоккху-беттан 1-чу дийнахь Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташоно сацамбира Украине эскарш хьовсо магош.

ТIаккха камуфляжаш йоьхначу наха шайн караерзийра ГIирмера стратегикалле объекташ. Зазадоккху-беттан 18-чу дийнахь Путин Владимира омра арахийцира и мохк а, Севастопол гIала а Оьрсийчоьнан долайоккхуш. Бухадохкуш дара ГIирмехь а, Севастополехь а сепаратисташа дIаяьхьначу референдуман жамIаш.

Цул тIаьхьа итт де даьлча Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин Инарла ассамблеяхь 100 пачхьалкхо кхаж тесира оцу хиламан хьокъехь.

XS
SM
MD
LG