ТIекхочийла долу линкаш

100 сов стаг эккхийтина Йеменехь


Йеменан шахьарахь Санехь пIераскана маьждигашкахь шаьш-шайн лелхийтинчу наха вийна кеп-кепара болчу хаамашца 100 сов стаг. Лазийна а бу вуно дукха. Маьждигашкахь белларш бу, доккхачу декъанна, шиIатой – хIуситаш. Сана-гIалин Бадр олучу декъерчу маьждига чохь дина хьалхара эккхийтар. ШолгIаниг – оцу чуьра нах арахьаьвддачу муьрехь.

Иштта, эккхийтина Хашуш олу маьждиг а. Цкъачунна бехк шена тIе ца эцна махкахь цхьаммо а. «Исламан Пачхьалкх» шайх олучу джихIадхойн тIеман тобано социалан машанехь дIахьедина, шаьш ду Йеменехь лелхийтарш динарш, аьлла.

XS
SM
MD
LG