ТIекхочийла долу линкаш

Казахстананний, Беларусанний, Оьрсийчоьнан юкъара ахча


ПIераскандийнахь Казахстанан шахьарахь Астанахь цигарчу а, Беларусан а куьйгалхошца Назарбаев Нурсултанца а, Лукашенко Александрца а хиллачу цхьаьнакхетарехь Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира хеназа дац, элира, кхаа пачхьалкхана валютан юкъарло кхолла. И кхо мохк боцург, Эрмалойчоь а юкъайогIучу Евразин экономикан юкъарлонан бахамаллин проблемаш йийца вовшахкхеттера куьйгалхой.

Путина юкъара ахча арахеца деза аьлла ша бинчу кхайкхамехь ца бохура хIун валюта ду ша юкъадаккха бохург. Иштта хьахош дацара оьрсийн сом ду Путинна лелийла луург я кхин ахча ду, реза ю я яц юкъара валюта тIеэца Казахстанний, Беларуссий. Оьрсийчоьнан соммий, Казахстанан тенгей хаъал доьжна мехкдаьттан мехаш лахбаларца доьзна.

XS
SM
MD
LG